28-чу сентябрехь п1ераскан дийнахь (массо бусалбанийн деза де долчу хенахь) Москван исторически маьждиган уллохь д1ах1оттинера «Зам-Зам» хи чохь долу 5 литр чуйоьду 15 шиша. Хи схьадеънера Нохчийн Республикера. Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ни1мат  - цуьнан к1ажар шен чохь йиллина долу хи мала аьтто белира рузбан ламазе баьхкинчеран. Дела реза хир волу дика г1уллакх вовшахтоьхнера Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман г1оьнчас Пайзулаев Мусас. Москварчу шен гергарчарна а, доттаг1ашна а кест-кестта дохьуш хилла цо «Зам-Зам» хи. Сийлахьчу хьостанан хи мала луурш х1ора дийнахь алсамбовлуш бара. «Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь ни1маташ Нохчийчу деъначу хенахь Соьлжа-Г1ала бахка луучеран массера а ца белира аьтто и ни1маташ ган а, цига деана долу «Зам-зам» хи мала а. Цундела суна дагадеънера сийлахь хи Москва дан. Адам Султановиче сайна дагадеънарг дийцича, иза ч1ог1а реза а хилла, Нохчийн Республикан Правительствоца а, муфтияца а барт бина, «Зам-Зам» хи Москва схьадар вовшахтуьйхира ас», - дийцира Мусас.

Сийлахьчу хин масийтта б1е литр сихонца чекхъелира. Хи дезарш дуккха а гулбеллера. Ч1ог1а самукъадаьлла а бара уьш. Х1ора а шишана уллохь яккхий раг1наш яра. «Халяль» ц1е йолчу кафе чохь а х1оттийнера сийлахь хи чохь долуш доккха шиша. И кафе йолчу дас дийцарехь, «Зам-Зам» хи деанчул т1аьхьа кафе чу оьхуш болу нах кхозза алсамбевллера.

«Х1ара г1уллакх оха т1аьххьара деш дац аьлла хета суна. Москван кхидолчу маьждигашкахь а кху тайпа белхаш д1адахьа ч1ог1а лаам бу сан. Т1ейог1учу хенахь а цу г1уллакхехь г1о-накъосталла дан луурш хир бу аьлла хета суна», - элира М.Пайзулаевс.