Субботехь, 13-чу октябрехь «Машар»  цIе йолчу концертийн залехь дIаяьхьира вайнехан мукъамийн «Тхан гуьйре» цIе йолу хIорашеран VI-гIа фестиваль. Иза вовшахтоьхнера «Vaynah Music» продюсерски центро.

Суьйре дIайолийра Кавказан декоративни-прикладни искусствон гайтаман тIера. Цигахь гайтира киншкаш, дихкина суьрташ, шаьлтанаш, къоман духарш, кавказхойн культуран кхийолу хIуманаш а.

Дог иракарахIотточу хелхаран мукъамаш хезаш бара фестивалан леррина дакъа доладалле хьалха а. Хьалххе схьабаьхкина болу кегийрхой учахь хелхабуьйлуш бара. Цигахь цу гIуллакхна лерина музыкальни аппаратура яра.

Цул тIаьхьа хьеший зала чу бахара концертан программе хьажа. Сцени тIехь эшарш локхуш, шайн корматалла гойтуш Нохчийн а, ГIалгIайн а республикийн хьакъболу артисташ а, иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан кхийолчу регионашкара иллиалархой а бара.

Хьовсархошна къаьсттина чIогIа хазахеттера къона седа Ханиева Рагда - «Берийн керла тулгIе - 2012» дуьненаюкъарчу музыкальни конкурсан декъашхо. Британски эшархочун «Adele Rolling in the deep» цIе йолу йиш лекхира жимчу йоIа. ЙоьIан исбаьхьачу озо а, ингалс маттахь йиш цIена лакхаро а гуттар самукъдаьккхинера ладогIархойн. Иштта, «Берийн евровидени - 2012» конкурсехь дакъалаьцначу Нальгиева Лемас а самукъадаьккхира гулбеллачеран.

Массарна а доккха совгIат хилира - Адыгейчоьнан гIараваьлла эшархо Биштов Азамат концерте вар. Билгалъелира «Зия» цIе йолу берийн хореографически ансамбль а. Концертан программа ерзийра вайнехан сценин ветерано Димаев Iелас вежараллин къаьмнашна - гIалгIашна а, нохчашна а йиш лакхарца, цул тIаьхьа, шен гIараяьлла «Машаран гимн» лакхарца.

Концерт чекхъяьллачул тIаьхьа, цхьаьнакхетаран спонсорша вовшахтоьхна йолу лотерей дIаяьхьира. Билетийн номершца дика кхаж баьлларш сцени тIе кхойкхура. Царна мехала а, дагалацаман а совгIаташ делира: дизайнерски тIоьрмиг а, ресторанехь суьйре дIаяхьа бакъо луш сертификат а, шаьлта а, кхидерш а. «Тхан гуьйре» ерзош фестивалан берриге дакъалацархошна дипломаш делира. Цул тIаьхьа хьешаша юха а учахь гулбелла, кхидIа ловзар дIадаьхьира.