Столицин регионехь Россин къоначу яздархойн XII-гIа форум дIаяьхьира. Кху шарахь цигахь дакъалоцуш Россин 67 регионера а, дозанал арахьарчу 16 махкара а 180 стаг вара. Царна юкъахь бара Нохчийчура къона яздархой Алиев Саламбек, Умарова Асет, Халимова Фаиза а.

Форум вовшахтоьхнера Социальни-экономически а, интеллектан а программийн фондо(СЭИП) Зорбанан, шуьйрачу зIенийн федеральни агентствон а, СНГ-н дакъалацархойн-пачхьалкхийн гуманитарни цхьаьна къахьегаран пачхьалкхашнаюкъарчу фондан а гIоьнца.

«Шайн регионера дакъалацархой дIасаэхар шайна т1елаьцначеран гIо билгалдаккха деза. Леррина Нохчийн Республика къасто лаьа. Дан йиш мел йолу гIо до цара къоначу яздархошна. Дика тIаьхье ю церан кхуьуш, хьекъале литератораш алсамбевлла: поэташ, критикаш, прозаикаш. Иштта билгалдаккха лаьа нохчаша оьрсийн мотт муьлхачу кепехь ларбина а, буьйцу а: ма-барра, цIена, хIинца даьржина ма-хиллара кхечу меттанашкара дешнаш юкъа а ца далош», - дийцира «Росси массарна а» порталан корреспонденте СЭИП-н фондехь.

ГIарабевллачу литераторша дIаяьхьначу  «мастер-классашкахь»(уьш 16 яра) дакъалецира къоначу яздархоша. Цу литераторша магийна йолу произведенеш «Россин керла яздархой» гуларехь а, кхидолчу журналашкахь а зорбане йохур ю.

Кху шарахь форуман 32 дакъалацархочунна РФ-н культуран министерствон цIарах стипендеш делла. Стипендиаташна юкъахь бу нохчийн йоIарий - Халимова Фаиза а, Умарова Асет а. Цу шиммо дуьххьара дакъалецира иштта шуьйрачу бараман конкурсехь. ЙоIарша дийцарехь, шаьш Москва кхайкхина, дагахь доцу хазахетар хилира царна.

«Форум чIогIа пайдехь яра. Керла ойланаш кхоллаяларан баьхьна хилира цуьнах. ГIарабевллачу литераторша лакхара мах хадор - мехала зеделларг ду. Сайн произведенешкахь долу гIалаташ а, кхачамбацарш а дика къаьста суна хIинца, ас царна тIехь болх а бийр бу. Цунах хIун хир ду хено гойтур ду. Ткъа хIинца балхахь отпуск а эцна, кхоллараллин хьуьнарш айъадаларан синхаамаш болччара, сайн хан литературина дIаяла дагахь ю со», - дийцира Халимова Фаизас.

Нохчийн яздархоша дийцира стипенди бахьнехь жоьпалла тIейоьжна хета аьлла. Делахь а, литературин говзанчаша кхеран произведенешна бинчу тидамна тамехь тIедалар хилира стипендех. «Уггаре коьртаниг - иза тхо харжар, тидаме эцар, тхоьца болх бар, тхуна вуно мехала хьехарш дар а ду. Цу хьехарша тхуна гIо дийр ду тхайн кхоллараллин нуьцкъалла гучъяккхарехь а, литературин искусство кхиорехь а», - тIетуьйхира Фаизас.

РФ-н культуран министерствон шолгIа стипендиантка Умарова Асет язъян йолаелла дукха хан яц(2 шо). Цул хьалха къона яздархо шен дневник лелош яра. Иза шен доттагIашна кера кхачар бахьнехь язъян йолаелла йоI. «Суна даима хетара, яздархой - уьш чIогIа хьекъале, дешна, цхьа кхечу дуьненахь Iаш нах бу, аьлла. Царна тIекхочийла дац аьлла хетара суна, суо царех цхьаъ хир ю-кх аьлла дага а ца догIура, цундела со чIогIа кхоьрура язъян а, сайн белхаш цхьанна гайта а», - дийцира А.Умаровас.

Россин къоначу яздархойн форуман къасторан муьр хиллачу Къилбаседа Кавказан республикийн къоначу яздархойн 5-чу кхеташонехь дакъа а лацале хьалха Москварчу конкурсе кхайкхина цхьа Асет бен яцара. ХIетахь а СЭИП-н фондан президент Филатов Сергей яздархо А.Умарова - форуман гучудаккхар ду бохуш, масийттаза къоначу прозаикан похIма билгалдоккхуш а вара.

« «Мастер-классашкахь» дакъалаьцна а, яздархошца тIекаре яьллачул а тIаьхьа, со кхийтира хIара сан гIуллакх хиларх а, сайн дерриге дахар литературина дIадала суо кийча хиларх а. КхидIа а язйийр ю ас, карарчу хенахь кхаъ повестан тIехь болх беш ю со. Вайн зама мел гайттало сирла гайта лаьа суна. ХIинца сайн кхолларалле критикица хьоьжу со. Боккъала а, керла хьажар кхолладелла сан. Масийттаза ойла а йина бен цхьа а могIа ца язбо ас, коьртачу турпалхочун васт сайн коьртехь кхоччуш кхолладелла ца даьлча, дIаяздан а ца йолало», - элира А.Умаровас.

Къоначу яздархочун произведенеш дукха хьолахь тIемах лаьцна ю. Берийн а, кегийрхойн а бIаьргашца тIеман сурт хIоттадо цо. Асета дийцарехь баккхийчарех а, политикшех а, салтех а лаьцна дуккха а киншкаш язйина, амма цхьаммо а ца яздина шайн бехк боцуш, тIом болчу хенахь Нохчийчохь бисинчеран ирс доцучу бераллех лаьцна. «Уьш башха бераш ду. Царех хIораммо а шен-шен тайпана яьккхина и инзаре хан. ХIораннан шен-шен тамашеллаш ю,цхьа башха дуьне а ду церан массеран дегнаш чохь», - дийцира Асета.

Умарова Асетин кхоллараллина жигара тидам тIе бахийтина Россин гIарадевллачу литературни журналаша.  «Буьйса декъал хуьлда, Марисабель», «Шелделла даьсса патармаш», «Байначу кхокхин лелар» повесташ зорбане евлла «Къаьмнийн доттагIалла», «Седа», «Жималла» журналашкахь.

Нохчийн критикан Алиев Саламбекан белхаш а форуман «мастер-классийн» куьйгалхоша «Россин керла яздархой» гуларехь зорбане бахарна магийна.

«Кху шарахь къоначу литераторийн XII-чу форумехь дуккха а похIме кегийрхой бара. Тхан чIогIа самукъадаьккхира Къилбаседа Кавказерчу дикачу поэташа, прозаикаша, критикаша. Къилбаседа-Кавказан регионан къоначу яздархойн рогIера 5-гIа кхеташо Нохчийн Республикехь дIаяхьа там бу», - хаам бира тхан порталана СЭИП-н фондехь.