Нохчийн Республикан Куьйгалхочун хIусамнанас Кадырова Меднис бухбиллина долчу «Firdaws» цIе йолчу Модин цIийно а, дизайнера Яхаева Заримас а бIаьсте/аьхке-2013 «Леди Фирдавс» цIе йолу шайн керла коллекци гайтира. Гайтам дIабаьхьира Москвахь хиллачу Модин Volvo-кIиранан декъехь Хьешийн ЦIа чохь.

Модин уггаре къегинчу хиламан хьешашна юкъахь вара РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, модельер Юдашкин Валентин, актер Дюжев Дмитрий, иштта, политикин, культурин, юкъараллин кхиболу гоьбевлла гIуллакххой а.

Массарел хьалха шекъан басахь исбаьхьа коч а юьйхина подиум тIе елира Модин цIийнан коьрта модель а, «Нохчийчоьнан хазалла — 2006», «Къилбаседа Кавказан хазалла — 2006» конкурсийн толамхо а йолу Джабраилова Замира. Билгалдаккха деза «Леди Фирдавс» гайтамехь дакъалоцуш нохчийн зудбераш хилла а ца Iаш, Модин Volvo-кIиранан берриге моделаш а бара.

Куьйгаца бечу балхана леррина тидам тIе бахийтинера дизайнера. Дукхахдолу духарш мехалчу тIулгашца, ховхачу бойнашца кечдина дара. ХIора а духарехь коьртаниг — корта туьллу хIума яра. Берриге моделаш куьйгаца дегна, «стразашца», зезагийн суьрташца кечдина йовлакхаш а тихкина бара. ХIора кочан юх а, пхьош а шайн йохаллица бусалба динца догIуш дара. Дерриге духарш нохчийн а, бусалбанийн а ламасташка хьаьжжина тегна дара. «Нохчийн зуда — хазаллин, эсалаллин, оьздангаллин, исбаьхьаллин билгало ю аьлла хета суна. Иза гайта хьевсира тхо тхаьш тегначу духаршкахь, леррина кечйинчу кочанашкахь а. Духарийн коллекци кхуллуш кхо бутт хан елира. Куьйгашца бина болх вуно дуккха а бара», —дийцира дизайнера Яхаева Заримас «Росси  массарна а» порталан корреспонденте. Гайтам берзийра Россин уггаре гIарабевллачу моделех цхьаъ йолчу Кулецкая Еленас. КIайн гIабали йоьхначу йоIаца цхьаьна дийна полларчий хийцира зала чу. Чухула хаза го а тесна, полларчий йоьIан куьйгаш тIе а, кочан юх тIе а, кортали тIе а охьахевшира.

Шен синхаамаш бийцира лакхарчу модин мах хууш йолчу Сулейманова Миланас: «Уггаре битаме яра Кулецкая Еленина тIехь хилла йолу туьйранан кепехь коч. Исбаьхьа дара иза подиум т1е ялар а. Мукъам, серло, хьовсархошна юкъехула гIаьттина лела полларчий… Боккъала а, чIогIа хаза сурт дара иза!.. Иштта билгалъяха лаьа шуьйра а, къевлина а йоллушехь, вуно хаза а, исбаьхьа а йолу кочанаш. Вайн дино ма-бохху лелаш болчу бусулба зударшна чIогIа дика хир ю уьш». «Нохчийчоьнан дог» маьждиган а, «Грозный-сити» комплексан а суьрташца кечйина йолу зал а чIогIа хазахийтира хьовсархошна.

«Гайтам боккхачу кхиамца чекхбаьлла аьлла хета суна. Цу бахьнехь баркалла ала лаьа тхан Модин цIийнан директорна Усманова Каметина а, къаьсттина Кадырова Меднина а. Дуккха а бедарш Меднис дагалаьцначу кепехь тегна ю, цуьнан ойланашца. Цу юкъехь ю массарна а чIогIа хазахетна йолу гIабали а. Дика болх бира режиссераша а, моделаша а, берриге белхахоша а. Тхан коллективехь болх беш берш шайн гIуллакх вуно дика девзаш болу тоьлла говзанчаш бу. «Фирдавс» дешан маьIна «ялсаманин беш» бохург ду. Тхан духарш кхидIа а шайн цIеран маьIне хьаьжжина хиларе сатуьйсу ас», — элира Яхаева Заримас.

Модин Volvo-кIира шарахь шозза дIахьош ду: октябрь а, апрель а беттанашкахь. Кху сезонехь шайн духарийн коллекцеш гайтаме ехира 50 гергга дизайнеро, царна юкъахь бара Юдашкин Валентин, Цигаль Маша, Пластинина Кира, кхиберш а.