Санкт - Питербурган губернатора Георгий Полтавченкос куьг таIийна хIоттаманна , Дудергофский канал тIоьхула долу, цIейоцу тIайн цIе  Ахьмат Кадыровн цIарах деш,  хаам бо РИА Новостис.

«Санкт - Питербург- Россин дакъа ду. Коьрталле диллича, шолгIа гIала а ю.   Россияс шен боллу турпалхой лору, уьш биц ца бо. Вайна махкахь цкъа а ца бекъна турпалхой къаьмнашца, я боькъур а бац.Цу хIумано гойтту вай пачхьалкхехь бертахь дехаш тайп - тайпана къаьмнаш хилара. И къаьмнаш массо а цхьаъ хилар а», боху пресс - службан куьйгалхочо Андрей Кибитовс.

Рамзан Кадыровс баркалла олу губернаторна Георгий Полтавченкана а, боллучу а гIалийн бахархошна а, Нохчий Чоьн дуьххьаралерачу президентан цIе йиц ца ялийта хьажарна. Цо билгалдоккху Ахьмат Абдулхамидовича шен са терроризмаца тIом беш, халкъа а, пачхьалкха а дуьхьа дIадалара.

«Тайп-тайпана къаьмнаш долучу пачхьалкхехь дехаш ду вай. Цуьнан ницкъ, къаьмнаш цхьаъ хилара бу. Россияс чIогIа нийса некъ схьалаьцна шен халкъан турпалхой къаьмнашца а, динца а ца бекъарца», - иштта яздо Кадыровс инстаграм чохь.

Иштта кхин а тIетуьйхира Нохчий Чоьн президента, Ахьмат Кадыровна чIогIа Санкт- Питербург езар а, цуьнан дуккха а пайдехь хIуманаш хилар а дагахь цу гIалийца доьзна. Рамзан Кадыров тешна ву, и ойланаш бакъ ян йиш йолуш хиларах тIейогIучу хенахь.