29-чу июнехь МИАхь «Россия сегодня» пресс -конференци хилира, уггаре а чIогIа бойзучу спортсменах волу Бувайсар Сайтиеван.

Цо дийцира росийски латаран командех лаьцна а, цара олимпиадан биначу кечамах лаьцна а, церан хила там болу лаккхарчу меттигашах лаьцна а.

Сайтиевс шен дегйовхо ю  элира, вайн команда олимпиаде кхочург хилар а, допинган дов царах ца хьакхадаларх а.  

«Тхуна, латархошна, допингах хила пайда бац. Уьш кхийолучу тайпа спортано лелош хIуманаш ю: вадар, некадар... Царна оьшуш ду шайн дегIан ницкъ алсам баккхар. Латарехь ницкъал сов хьекъал ду оьшуш, чехка айхьа дан дезарг хаар ду. Суна ца хета, вайн пачхьалкхан куьйгалхоша а, спорт комитетан куьйгалхоша а, вайн спортсмени гIуллакх допинган доьвна тIекхочуьйтур ду, аьлла», элира Сайтиевс.

0

Бувайсар Сайтиеван пресс- конференци МИАхь «Россия сегодня»

Цо иштта билгалдаьккхира российски спортсменаш лаккхара меттигаш яла мегар долуш хилар, царах цхьаберш, спортехь болу дукха хан яцахь а. Цо цIераш ехира: Анзор Балтукаев -тIаьххьарачу шарахь Россин а, Европин а чемпион ваьлла волучу, иштта  Иван Ярыгинан дуьненан юкъараллийн турнирехь Гран - при яьккхина волучу.Иштта Сайтиевс цIераш ехира Билял Маховн а, Аниур Гедуевн а. Уьш шайн Республикан хьалхара меттигаш яхьаш цIабохург хиларах  ша тешна ву, элира Сайтиевс.

Иштта Сайтиевс дийцира ша халкъана а, пачхьалкхана а пайдехь бечу балхах лаьцна а, ша Госдуман депутат хила дагахь хиларх лаьцна а. Кхин а дийцира дуккха хан йоцуш ша Рамзан Кадыровн советник хиллехь а,ша суьйлийн махкан  президентан Рамазана Абдулатиповн советник хIотторах лаьцна а.

«Рамазана Гаджимуратовича  аьллера Рамзан Ахматовиче, со шен юххехь хила веза аьлла.  Иза да-м  цо бегаш беш аьлла дара, делахь а дукха хан йоцуш цо соьга телефон а тоьхна элира  шен советник хила , аьлла. Рамзан Ахматович дуьхьал вацара цу хIуманна».

0

Д.Медведев а, Б.Сайтиев а олимпийски чемпионашна кремлехь совгIаташ лочохь, 2009-чу шарахь

Вовшахкхетарехь иштта дагалейцира нохчийн дуьххьаралера латаран олимпийски чемпион, дуьххьарлера вице- президент Федерации спортивной борьбы России, май баттахь кхелхина волу Адлан Вараев.

«Иза доккха вон ду спортан а, йоллучу Нохчий Чоьн а... Цунна чIогIа хазахетар шеен бералла дIаяхана меттигаш, лаьмнаш. Дукха хан йоцуш цо цIенош динера Орга хин йистехь, лекхачу берда тIехь. Лаьмнийн лаккхаллех кхоьруш вацара иза, гуттара а хазахетар цунна цу лаьмнашкахула лелаш. ЧIогIа кхерамечу новкъахула дIа а вахана юхавогIуш бердаха ваханера иза. Оцу дийнахь тхо ша волчу кхайкхинера цо, амма тхо дIакхаьчча иза вацара. 40 дийнахь сов лийхира и», бохуш дийцира Сайтиевс.

Иштта Сайтиевс билгалдаьккхира Адлан Вараевн цIарах Грозный гIалахь урам бан а, спортан комплекс а, турнир а ян а дагахь хилара.