«Россия 1»  телеканала сацам бина, «Прямой эфир» олучу программехь  «Команда» цIе йолучу спецвыпускан масийтта сери ян, аьлла хаам бо Нохчий Чоьн правительстван пресс- службано.

Республикан президента тидам бо, хьалхарачу президента Ахьмад-Хьаж Кадыровс кхоьллина йолучу «Команда» олучу тобанехь кIорга шайна говзаллаш евзаш болу говзанчаш хиларна. Иза гойту цара биначу белхаша машар хIотторца а, экономика а, нехан дахар а тодарца а, инвестицийн компанеш  Республикан чу ялорца а.

«Команда» олучу реалити- шоун дакъалацархойн цIераш евзина вайна. Церан дагахь дуккха а пайдехь хIуманаш ду.

Игорь Панасенко веана Нохчий Чу Кубанера. Жимачу къонахчуьнан дагахь дуккха а  хIуманаш ду регион кхиарна пайдехь. Царах цхьаъ ду махкахь  инвестиционни гулам бара, яккхийчу инвестиционни компанеш оцу гуламехь шайна лохур ю пайдехь проекташ, тIейогIучу ханна а шаьш регионехь болх беш совцур болуш.

Алексей Грабцов Тверера веана Нохчий Чу. Цуьнан шиъ проект ю. Царах цхьаъ ю гIишлошярца йоьзна. ГIишлош еш лелош болу керла гIирсаш бара а, уьш туристашна еш йолучу гIишлошна пайденна бахийтар а ду цо дуьйцуш. Цул совнаха, Алексейс дийцарехь, оцу проектано бюджетана а гIо дийр ду, иштта нахана белхан меттигаш а хир ю. Кхин а Алексейс дуьйцу махкана пайдехь хиларах лаьцна   партиш кхоллар. И партиш  шайн махках а нахах а доглозуш болучу  кегирхойх хила езарх лаьцна а, царна политикан белхалоша гIо да дезарах лаьцна а.

Егор Грец дагахь ву тIейогIучу хенахь  Россиехь дуьххьарлера телефонаш ен завод Нохчий Чохь ян, и телефонаш экспорте яхар а, уьш угаре а гIолехь ерш яр а. Иштта Егоран дагахь ду  дуьра хIорданан хи таздеш долу луьттарш дан а, иштта МГУн филиал схьаяьллар а. Телефонаш яр а, хиш таздар а Нохчий Чоьн пайдехь хилла а ца Iаш, йоллучу Россин пайдехь а хир ду, боху Егора.

Александр 26 шо долуш ву, иза Тулера ву. Александр болх беш ву  транспортни  компанехь. Цуьнан дагахь ду Нохчийн Чохь керла вовшаха хоттало некъаш дар, и некъаш  экономикна а, туристашна а пайдехь дар а.