«Рамаданан четар» схьадоьллуш даздаран церемони д1аяьхьира оршот дийнахь, Москвара Поклонни ломан т1ера Мемориальни маьждиган уллехь. Рамадан бутт болабаларна лерина, бусулба нехан г1одаран а, культурин-серладаккхаран а йоккха проект схьайоьллуш  дакъалецира  «Росси тахана»дуьненаюкъара хаамийн агентствон генеральни директоро Киселёв Дмитрийс.

Мероприятехь дакъалоцуш болчу бусулба 1еламнахел совнаха, «Рамадан четарехь» т1елецира Россира кхидолчу динийн векалш а, федеральни а, коьртачу шахьаран а 1едалера векалш а, иштта юкъараллин, культурин г1уллакххой а.

Г1уллакхехь дакъалоцуш хиллачу Киселёв Дмитрийс дийцира, «Рамаданан четаре» кхайкхаро — шен дагах кхеташ, ч1ог1а хазхетар дира аьлла. Кисилёвс дийцарехь, цуьнан пхенашкахь а ду г1ирмахойн-г1езалойн ц1ий. Цуьнан дененан дас, Агапов Семёна, цхьа эзар барх1 б1е шовзткъе пхийттолг1ачу шарахь Севастополь ларъечу хенахь «Г1ирмера г1езалойх йолу х1усамнана ялийна хилла шена».

Киселёв Дмитрийс билгал ма-даккхара, цуьнан дас «ч1ог1а лорура исламан культура, цуьнга лерам а бара цуьнан, жима волуш дуьйна со а цу кепара кхиийна ву». «Со керста динехь хиларо суна новкъарло ца йо, Россин ламасталлин и культура сайгахь хааяла», — билгалдаьккхира «Росси тахана» хаамийн агентствон генеральни директоро.

Киселёвс «Рамаданан четаран» хьешашка иштта хаам бира, «Росси массарна а» проектан юкъа а дог1уш, агентствос дукха хан йоцуш интернет-сайт схьайиллина хилар, «Россихь дуьххьарлера г1ирмахойн-г1езалойн маттахь пачхьалкхан ресурс». «Суна хазхета, цу г1уллакхна  Г1ирмехь а, Россихь а т1етайна хилар», — билгалдаьккхира Киселёвс.

 «Россихь цкъа а ца хилла динан т1емаш, со тешна ву, кхид1а йолчу хенахь а хир бац. Дуккха а цивилизацешна, континенташна масала ду иза. Вайн даймахкара ислам, шеко йоцуш, вайн юкъарчу культурин хазна ю. Вай массо а кхеташ ду, бусулба 1еламнехан школа ч1аг1ъярехь х1оттийна 1алашо хиларх. Иштта дуккха а декхарш ду, вовшийн цакхеташ долу тайп-тайпана хаттарш къасторехь. Со тешна ву, вай цхьаьна цу г1уллакхца ларорг хиларх», — билгалдаьккхира «Росси тахана» хаамийн агентствон генеральни директоро.

Килсан а, юкъараллин а юкъаметтигашкахула долчу синодальни декъан председателан заместительс, мозг1аро Багдасаров Романа шен къамелехь билгалдаьккхира, «Рамаданан четар» — иза машаран а, доттаг1аллин а, вовшашца лераме хиларан а четар ду» аьлла. Хала хаттарш, девне хьелаш къасторехь вовшийн зеделларг довзийта таро ю кхузахь. «Цхьаьна меттехь — тайп-тайпанчу динийн, къаьмнийн векалш бертахь бахаран масала ду Росси», — билгалдаьккхира Багдасаровс.

Мозг1аро дийцарехь, «до1анаша адаман толам баккха г1о до», ткъа «марха кхабаро цуьнан дин ч1аг1до». «Луур дара марха кхабарехь шун аьтту хуьлийла, х1унда аьлча массарна а беркате х1ума ду иза», — аьлла, вистхилира бусулба нахе Килсан векал.

Шен рог1ехь, «Рамаданан четаран» дакъалацархошка маршалла а хоттуш, жуьгтийн динан юкъараллийн а, организацийн а Россин Конгрессан вице-президенто Коган Зиновийс тидам т1ебахийтира, «вайн бусулба наха цхьаьна дийнахь марха ма-кхеббина, Москва аьхке юхаеана» хиларна. «Суна хетарехь, кху беркатечу батто вайн Москва г1ала аьхке еана а ца 1аш, вайн ерриге пачхьалкхана, Новороссина машар бахьар бу», — аьлла вистхилира Коган. И дешнаш хазхетарца т1елецира зал чохь гулбелчара.

Вовшахтохархоша кхойкху лаам болчаьрга массаьрга а «Рамаданан четарехь» дакъалаца. Цунна юкъа а дог1уш, хьалхарчу июлехь дуьйна ткъе ворх1олг1а июль кхаччалца, къаьмнийн культурийн денош а, кхидолу г1уллакхаш а д1ахьура ду меттигехь. Акци д1ахьочу исс шарахь дуьххьара, Рамадан беттан ткъе итт дийнахь диллина хир ду «четар».