Бакъо юй сан хенан регистраци а йоцуш Москва гIалахь хила, со РФ къо а елахь, цуьнан цхьаьна субъектехь тIеязъйина а елахь? (Танашева Марина, Нальчик)

 

Хаттарна жоп ло Москва гIалара адвокатин коллегийн председатела Корчаго Евгени Викторовичас:

ТIедилларца цхьанадогIуш  ст.5 Закон РФ от 25.06.1993 № 5242-1 «Российски Федерацин къойн бакъонан дIасавахаран паргIатонан, я хиларан, вахаран  меттиг харжар Российски Федерацин дозанахь» Российски Федерацин къон регистраци кхачаран меттигехь йо хIоттийначу хенахьа, 90 денна тIех ца йолуьйтуш къо вехачу хIусаме кхаьчначул тIаьхьа. Российской Федерации къо бакъо йолуш ву  регистраци ца ян нагахь санна и кхаьчна волу хIусам цуьнан вахаран  регистраци йолу Российски Федерацин субъектехь елахь.

Росси пачхьалкхин къо бакъо йолуш ву регистраци ца ян кхаьчначу вахаран хIусамехь, нагахь санна и хIусам федеральни маьIана долуш йолу гIала Москва я Московски областера бахархой беха меттиг  елахь, нагахь санна цуьнан вахаран меттигехь йолу регистраци  федеральни маьIана долуш гIала Москва я Московски областера бахархойн пункт елахь.    

Росси пачхьалкхин къо бакъо йолуш ву регистраци ца ян кхаьчначу вахаран хIусамехь, нагахь санна и хIусам федеральни маьIана долуш йолу гIала Санкт-Петербургехь я Ленинградски областера бахархой беха меттиг  елахь, нагахь санна цуьнан вахаран меттигехь йолу регистраци  федеральни маьIана долуш гIала Санкт-Петербургехь я Ленинградски областера бахархойн пункт елахь.

Оцу кепара, нагахь санна Шу Москва  Московски областера ца даьхкинехь 90 денол сов йолучу ханна, шуна шаьш кхаьчначу меттера  ФМС органашкахь регистраци ян тIедиллина ду. Регистраци ца яхь шу административни  жоьпалли тIе озур ду, гIуда тухур ду кхаа бIе туьманан тIера пхеа бIе туьмане  кхаччалца.