Дукха хан йоццуш  рейд йеш ФМС органаш сан кехаташна реза ца хилар хаийтарира:  Москвахь сан  регистраци  Фрунзе цIарах болу урамехь ю, ткъа вехаш со сайн девешица  Кунцево районехь ву. И реза ца хилар мел бух болуш ду? Суна хезина сайн махкхошкара, сайн регистраци йолучу меттехь ца Iан йиш ю, аьлла.

Алимардан Султанов, Москва

 

Жоп ло Росси агентстван бакъонан а,  судебни а информацин адвокаташ (РАПСИ):

Лераме Алимардан! ХIокху сохьтехь хьан махкахой нийса бу. Амма,  госдумо кечъйина  законопроект ю, административни а зуламийн  жоьпалле озаван   регистрационни а, миграционни а учетан бакъонаш йохийнарг. Кхетаваран яздаран тIехь  законопроекто  кхоьтуьйту,  цуьнан Iалашо  «резинийн  цIеношна» дуьхьала хилар: эзар къоно регистрировать во  шайн хIусамашкахь итт, бIе тIебаьхкинарш.