Коьртаниг
Массарна доккхаде:
дукхакъаьмнийн Москван истори
Москва йилличахьана ала мегар долуш, кхечу пачхьалкхашкара а, шахьаршкара а нах хуьлура кхуза кхача лууш. Кхузахь болх а, хIусам а, закон дохорх лардар а каро а, тайп-тайпана хIуманаш йохка а, эца а таро хуьлура.

Элий, бояраш, монастыраш шайн ма-хуьллу алсам къинхьегаме пхьераш шахьаре бало гIерташ хуьлура. Москва кхиарехь дакъалецира бахархойн кегийчу каппаша. Каппаш (слободы), масала, корматаллин гIуллакхаш бахьанехь юкъайовлура. Пхьераш цхьаьна баха ховшура: аьчкан пхьераш - аьчкан пхьерашца, дабагIа ден пхьераш - дабагIа дечаьрца. Каппашкахь (слободашкахь) Iаш болчеран къаьсттина бакъонаш хуьлура, масала, налогех мукъа буьтура уьш. Ларалуш ду, «слобода» дош «паргIато» (свобода) бохучу дешан синоним ду аьлла.

Къаьмнийн каппаш а яра Москвахь. Таханлерчу дийнахь а, урамийн цIерш тIехь йолу шахьарехула некъ гойтург луьстуш, гIезалойн, белорусхойн, гуьржийн, эрмалойн, кIезигроссихойн, кхийолчу а каппийн лораш хаало

Карта Татарской слободы
ГIезалойн куп ©РИА Новости
ГIезалойн куп – Ордынка – Толмачи

Генарчу XIV-чу бIешарахь ГIезалойн куьпо дIадолийра Москвахь этносийн каппаш юкъайовлар. Генарчу мехкашкара схьаоьхуш болу хийра нах жим-жима Iан буьйлалучу каппех хьалхарчех цхьаъ хилира иза. ГIезалойн куп Замоскворечьехь яра, кхузаманан Пятницки а, ГIезалойн Боккхачу (Большая Татарская) а урамийн кIоштахь. Кхузахь Дашочу Ордах а, гIезалойн поволжски олаллех а схьабевлларш Iара. Ларамаза дацара гIезалоша кIошт харжар, билггал кхузахула чекхболуш бара Дашочу Ордана тIебоьду некъ, цунна тоьшалла до Ордынка ураман цIаро а. ХIора а москвахочунна бевзаш болу и урам хIетахь хIинцачул а дикка беха бара.

XVII-чу бIешеран юьхьца (1619-гIа шо) доьзначу хьосташкахь хьехош ю ГIезалойн куп, и цIе а лаьттина XX-гIа бIешо кхаччалц. В XVII-чу бIешарахь ГIезалойн куьпана тIегIоьртина Толмацкиниг а яра, цигахь Iаш гочдархой-талмажаш бара, церан говзаллица доьзна куьпах Толмачи а, Шира Толмачи а олура. Дукхахболу талмажаш Москвана а, ГIирмина а юкъахь хиллачу берташкахь дакъалаьцна болу гIирмин гIезалой бара. Уьш берриге а цхьаьна куьпахь Iаш бара, иза дагайоуьйту «Новокузнецки» метрона уллохь болчу кхузаманан Толмачевски урамалгаша (переулки).

Карта ТолмачейСлева: Вид на Большой Толмачевский переулокСправа: Карта Томлачей; слева: Вид на Большой Толмачевский переулок
Аьрру агIор: Толмачески Боккха урамалг ©РИА Новости.

XVIII-XIX-чу бIешерийн юккъехь ишттачу талмажех (нийса аьлча, оцу муьрахь царах Кхечумехкийн коллегин гочдархой олура) цхьаьннан, Суламит-мурза Симиней элин, уьйтIахь маьждиг дара, цуьнан гIишло 1812-чу шарахь цIе яьлча егира. 1823-чу шарахь Москварчу Iедалаша замоскворецки совдегаран Хашалов Назарбайн уьйтIахь ламазан цIа дан пурба делира, «цунах маьждиган цIе а ца йоккхуш», «кхидолчу цIенойх терра а долуш, тIехьаьжча цхьажимма а маьждигах тера хIума а хир доцуш», аьлла, билламаш а хIиттийна. 1880-чу шарахь, эххар а, гIезалойн аьтто белира хила ма-дезза, мимар а йолуш, хьалха хиллачу меттехь маьждиг дайта пурба даккха.

1939-чу шарахь маьждиг дIакъоьвлира, мимар йохийра, цул тIаьхьа оцу гIишло чохь цкъа эскаран комиссариат а, цкъа тайп-тайпана пхьалгIаш а лаьттира. 1993-чу шарахь мимар меттахIоттийра, тIаккха, Исторически аьлла цIе елла долу, Москвахь уггаре а шира маьждиг юха а болх бан доладелира

Слева: Историческая мечеть с минаретом; справа: Татарский культурный центрСлева: Историческая мечеть с минаретом; справа: Татарский культурный центрСлева: Историческая мечеть с минаретом; справа: Татарский культурный центр
Аьрру агIорхьа: Мимар а йол Исторически маьждиг; аьтту агIорхьа: ГIезалойн культурин туш ©РИА Новости. Маклакова Юлия

Замоскворецки гIезалошца иштта йоьзна ю кхузаманан Балчуг ураман цIе. Бахьана хIун ду аьлча, гIезалоша жигара дакъалоцура Москван махлелоран дахарехь, хIетахь шахьаран юкъ ларалуш яра Охотни Рядан а, Китай-гIалин а кIошташ. Амма, оцу меттигашка кхачархьама, гIезалойн Москва-хил дехьадовла дезара, ткъа иза Кремлан кIоштахь бен дан таро яцара, цигахь хи гомха дара, уьшал санна. Хи кIезиг долчу оцу меттигах олура гIезалоша «балчех» я «балчых», иза хатт, уьшал бохург дара. ТIаьхьо, оцу меттехь биллинчу урамна Балчуг аьлла цIе тиллина, иза иштта йисина.

Хи дIаоьхуьйту татол (Водоотводни канал) дуьллучу хенахь кхоллаеллачу гIайренах а олу Балчуг. Делахь а, меттигерчу бахархоша и цIе наггахь бен ца йоккху, къамел дечу хенахь цунах «гIайре» олу я «Уьшалан» («Болотный») олу, уллохь, оццу цIарца, йолчу майданца доьзна

Иштта, шен цIе орамашца Дашо Орда йолчу йоьдуш йолу, кхин цхьа меттиг (куп) а кхоллаелла XIV-чу бIешеран шолгIачу декъехь, амма иза Москван кхечу кIоштахь ю. Сийлахь эла Донской Дмитрий волчу хенахь Дашочу Ордара (ткъа хIетахь Улус Джучехь хенаш маьрша яцара, 20 шарахь Дашочу Ордан пачхьаллехь 25 сов хан хийцавеллера) араваьллера паччахьан кIант Серкиз (Черкиз). Москвахь паччахьан кIанта, жIаре а вирзина, Серкизов (Черкизов) Иван аьлла шен цIе а хийцина, даккхий лаьттан дакъош шена карадерзийра - уьш Ордара схьадеанчу хьолах эцна дара я элано делла дара - царна юкъахь яра, тIаьхьо Черкизово аьлла цIе тиллина йолу, Москвана лахара цхьа юрт а.

Карта Армянского переулка
Эрмалойн урамалг (переулок) ©РИА Новости
Эрмалойн урамалг (переулок)

Эрмалой цхьацца тамашийна бахьанаш а хIиттина кхаьчна бацара Москва: уьш пачхьене бахкар пачхьалкхан тIегIанехь нисдина дара. Ша Иван Грозный вара эрмалой Москва кхойкхуш указ арахецнарг. XIV-чу бIешарахь КIайчу шахьаран (Белый город) кIошташкахь баха хевшира уьш, 1938-чу шарахь йохийначу Столпашкахь йолчу Николин килсана уллохь. Ткъа XVIII-чу бIешеран юккъехь оьрсийн пачхьене схьакхелхира хьал долчу эрмалойн ЛазаревгIеран (Егизарянийн) доьзал, церан чоьтах, Мясницкера Маросейке кхаччалц болчу урамалгехь Господнин ЖIар Хьалаайъаран килс (церковь Воздвижения Креста Господня) йира.

Иштта, масийтта бIешарахь эрмалой баьхначу, хьалха Артамонов, Никольски, Столповски цIерш лелийначу жимачу урамалгана Эрмалойн (Армянски) аьлла цIе тиллира. Крестовоздвиженски килс йоцург, хьал долчу эрмалойн чоьтах иштта Лазаревски институт а йира. Тахана цуьнан гIишло чохь Россехь йолу Эрмалойн Республикин векалалла ю.

Эрмалойн урамалгаца чIогIа йоьзна ю гIараваьллачу яздархочун Тютчев Федоран цIе

1810-чу шарахь ТютчевгIара, дайшкара кхаьчна долу, шайн боккхачу доьзална гаттаделла долу цIа дIа а доьхкина, Эрмалойн урамалгехь керланиг ийцира. Вуьшта, заманхоша дагалоьцу, цунах цIа олийла а доцуш, паччахьан цIийнах тера ков-керт иза хилар. Эрмалойн урамалгехь долчу цIийнахь дIадахна Тютчев Федоран бераллин а, къоналлин а дукхахдолу дакъа, кхузахь цо язйина дуьххьарлера байташ, римски классикийн дуьххьарлера гочдарш а йина.

Слева сверху: Посольство Республики Армения в Российской Федерации; слева внизу: усадьба Гагариных-Тютчевых в Армянском переулке и во дворе усадьбы – бюст-памятник Федору Тютчеву; справа: портрет Федора Тютчева работы С.Александровского (1876)Слева сверху: Посольство Республики Армения в Российской Федерации; слева внизу: усадьба Гагариных-Тютчевых в Армянском переулке и во дворе усадьбы – бюст-памятник Федору Тютчеву; справа: портрет Федора Тютчева работы С.Александровского (1876)Слева сверху: Посольство Республики Армения в Российской Федерации; слева внизу: усадьба Гагариных-Тютчевых в Армянском переулке и во дворе усадьбы – бюст-памятник Федору Тютчеву; справа: портрет Федора Тютчева работы С.Александровского (1876)
Аьрру агIорхьа лакхахь: Россин Федерацехь йолу Эрмалойн Республикин векалалла; аьрру агIорхьа лахахь: ГагарингIеран-ТютчевгIеран Эрмалойн урамалгехь долу ков-керт а, цуьнан уьйтIахь – Тютчев Федоран бюст-хIоллам а; аьтту агIорхьа: С.Александровскийс диллина Тютчев Федоран сурт (1876) ©РИА Новости. Маклакова Юлия

Эрмалойн урамалган куьпахь XVI-чу бIешарахь дуьйна а кхечу мехкийн векалш а, оьрсийн дипломаташ а Iара, жима тIаьхьо - XVIII-чу бIешаран чаккхенехь дуьйна оьрсийн культурин гIарабевлла гIуллакххой баха ховша буьйлабелира кхузахь. Ма-дарра хууш ду, ТютчевгIеран цIахь Жуковский, Мерзляков, вежарий ТургеневгIар хиллий. Уллорчу урамашкахь Iийна Карамзин, дипломат а, яздархо а Муравьев-Апостол Иван - кхаа декабристан да, кхин дуккха кхиберш а. Ишттачу гоно кхиийна къона Тютчев. Дипломатан говзалла хаьржина волу иза, дукхахболчарна хIокху могIанийн автор санна вевза:

Хьекъалца Россех кхеталур вац,
Юкъарчу аьршанца юсталур яц:
Цуьнан къаьсттина кеп ю -
Россех тешийла бен дац

Мещанская слобода
Мещански куп ©РИА Новости
Мещански куп

Белорусаш Москва кхачар Делан пурбанца хилла ала мегар ду. XVI-чу бIешарахь уьш Белокаменни баьхкира Речь Посполитаян лаьттанашкара, цигахь уьш, керстанаш, дин бахьнехь хьийзош бара.

Историкаша билгалдоккху, белорусаш пачхьене кхойкхуш, Москвара яккхий делегацеш йохуьйтуш хилла хилар. Москван олаллина шайца цхьа дин дерш оьшура, цу тIе, дика говзанчаш санна цIе яхна а бара уьш. ДIадолорна, динан дайн цIарах, тIетайра патриарх Никона а, хIунда аьлча, Иверски а, Новоиерусалимски а керла монастыраш ян говзанчаш ца тоьара.

Схьакхелхинчарна леррина меттиг билгалъяьккхинера Москван къилбаседехь, Лаьттан (Земляни) гIалин Сретенски кевнашна дехьа. Оцу меттигах Мещански куп аьлла цIе яккха йолийра: полякийн mieszczanie («месчанаш», «гIалахой») бохучу дашах

Цуьнца цхьаьна, оцу куьпа белорусаш баьхкина ца Iаш, полякаш а, кхидолчу славянийн халкъийн векалш а богIура. Екатерина II-ниг йолчу хенахь а дIадаьллера «мещане» боху дош Речь Посполитаян латтанашкара схьабаьхкинчарах алар, тайпан цIе а хилла дисира иза.

Москвахь хIинца а йисина оцу куьпан лораш: хIинццалц Мещански аьлла цIерш лелийна болу, беха, цхьаъ вукхунна тIаьхьа богIу, масийтта урам.

Хиллачу куьпан коьртачу урамна, 1-чу Мещанскина, 1957-чу шарахь, Москвахь дIаяьхьначу Кегийрхойн дерригдуьненан фестивалаца доьзна, Машаран проспектан цIе тиллира (1917-чу шарал тIаьхьа йоццачу хенахь 1-ра Граждански аьлла цIе лелийна урамо); 2-чу Мещански урамна 1966-чу шарахь Гиляровскийн цIе тиллира, 3-чунна - Щепкинан, ткъа 4-чу ураман цIе ша хилларг йисира, 1966-чу шарахь Мещански урам аьлла Iадъюьтуш.

Цецвала хIума а дац, билггал 1-ра Мещански урам ерриге куьпан коьрта урам хиларх - иза дукха хенахь дуьйна болуш бара: кхузахула чекхболуш бара масийтта олаллин яккъаш - Москва, Переславль-Залесский, Ростов, Ярославль - цхьаьнатухуш болу, коьртачу лаьттахуларчу некъех цхьаъ. Урамехула дIасалелара совдегарийн ворданаш, пайтонаш, зияртхой

Ша урам еххачу хенахь, кхечаьрца буьстича, тийна бара, шуьйра йоцу тротуараш а, диттийн, зезагийн бошмашна юккъехь кегий цIенош а долуш. XX-чу бIешеран юьххьехь 1-чу Мещански урамехь даккхий цIенош а, туьканаш а гучуйийла йолаелира. Амма уггаре баккхий хийцамаш 1930-чу шерийн чаккхенгахь хилира: юьртан бахаман гайтамна коьрта тIевоьдийла а хилла дIахIоьттира урам, цуьнга хьаьжжина кечбан а бийзира иза.

XVIII-чу бIешарахь 1-ра Мещански болалучохь, цуьнан аьрру агIорхьа, масийтта доккха а, хьалдолу а ков-керт дара, царех хIинца цхьацца хIума дисина. Иштта, архитектурин академикан Загорскийн проектаца 1893-чу шарахь динчу, № 3 йолчу цIийнан уьйтIахь хьалхалерчу куьцах дисина цхьацца хIуманаш долуш, кхо гIат долу цIа ган таро ю. XVII-чу бIешеран чаккхенгахь кхузахь хьалдолчу совдегаран Евреинов Матвейн ков-керт хилла.

Слева и справа вверху: начало улицы Проспект Мира, доходный дом купца Камзолкина (был построен в 1885 году на основе городской усадьбы XVIII века); справа внизу: фрагмента старой постройки во дворе дома купца КамзолкинаСлева и справа вверху: начало улицы Проспект Мира, доходный дом купца Камзолкина (был построен в 1885 году на основе городской усадьбы XVIII века); справа внизу: фрагмента старой постройки во дворе дома купца КамзолкинаСлева и справа вверху: начало улицы Проспект Мира, доходный дом купца Камзолкина (был построен в 1885 году на основе городской усадьбы XVIII века); справа внизу: фрагмента старой постройки во дворе дома купца Камзолкина
Аьрру а, аьтту а агIорхьа лакхахь: Проспект Мира ураман юьхь, совдегаран Камзолкинан пайден цIа (XVIII-чу бIешерахьлерчу гIаларчу ков-кертан буха тIехь 1885-чу шарахь дина хилла); аьтту агIорхьа лахахь: совдегаран Камзолкинан цIийнан уьйтIахь хиллачу ширачу гIишлон дакъош ©РИА Новости. Маклакова Юлия
Маросейка

Москва дIакхелхаш хиллачу украинхоша шайн Iер-дахарна Маросейка урам хаьржира. Ширачу Покровски ураман (Покровкин) дакъа долчу оцу ураман цIе XVII-чу бIешарахь тиллина яра. Маросейкин а, Златоустински Боккхачу урамалган а маьIигехь, хIинца № 9 а, № 11 а йолу цIенош долчохь, хиллачу Малороссийски подворьех яьлла ю цуьнан цIе (цунах хийцина, Малоросейка - Маросейка). Некъахой совцу а, Малороссера Москва богIучара садоIу а, буьйса йоккху а меттиг яра и уьйтIа. Дукха хьолахь, совдегарш, векалаш, динан дай кхочура цига.

XV-XVI-чуй бIешерашкахь Покровкехь паччахьийн бошмаш яра; Маросейкехула Преображенске а, Измайлово а боьдучу «паччахьийн некъо» тIеозабора элий. Цундела цецволийла а дац, хIетахьлерчу заманахь и кIошт тоьллачех цхьаъ хиларх.

XVII-чу бIешарахь Маросейкехь хиллачу 83 цIийнах 62 боярийн доьзалийн векалийн дара

Маросейка кхечу мехкарчарна а хазаеллера, амма динан дайша сацам бира, хийрачарна кхузахь меттиг бац аьлла, иштта, 1643-чу шарахь юкъаделира кхечу мехкарчарна ков-керт эцар доьхкуш а, ропаташ - лютеранийн ламазан цIенош дIакъовлуш а долу указ. Ткъа паччахьа Алексей Михайловича тIеэцначу Соборни билламашца догIуш, европейцаш шахьарара арабаха а болийра - Немцойн куьпа дIакхалхо. Петра Европин пачхьалкхийн хьашташкахьа йолу реформаш ечу хенахь бен Маросейке юха ца бирзира кхечу мехкашкара схьабаьхкинарш.

1812-чу шарахь йоккха цIе яьлла, Маросейка ураман къилбан агIо ерриге яьгначул тIаьхьа, тайп-тайпана совдегарш даьгна долу цIенош схьа а оьцуш, уьш шайна хазахетачу кепара тодан буьйлабелира. Масала, РумянцевгIеран гIарадаьллачу цIийнахь керлачу дас совдегара Каулина пенош хаздеш дина йозанаш дIадехира, ткъа совдегарша ГрачевгIара-м цунах махлелоран уьйтIа йира. Паччахьан Петран I-чун уллорчу накъостех цхьаъ хилла, цул тIаьхьа, Къилбаседан тIамехь хиллачу Россин пачхьалкхан мостагIан - Швецин паччахьан Карл XII-чун - агIорхьа къайлах дехьаваьлла волу Мазепа Иван Iийра Маросейкехь. БIаьхочун чIагIо йохорна гражданийн кхиэле веллера иза, сийлаллин цIарех а, совгIатех а воккхуш. Кхузахь Iийна паччахьан Алексей Михайловичан уллора боярин Матвеев Артамон а (хIинцалера Эрмалойн урамалг цхьана хенахь цуьнан сийнна цIе тиллина, Артамонов урамалг олуш бара).

Советийн заманахь, 1954-чу шарахь дуьйна, Хмельницкий Богданан цIе лелийна урамо. 1990-чу шарахь бен юха ца ерзийра Маросейкина шен хилла йолу цIе

Хаа луург ду, Москван Iедалаша «Маросейка» метрон станци яр масийттаза хьехийна хилар. Дуьххьара и ойла кхоллаеллера 1930-чу шерашкахь, амма Москван 1935-чу шеран коьрта план тIеэцначул тIаьхьа и гIуллакх тIаьхьатеттира. Метрох лаьцна къамел шолгIа долийра 1970-чу шерийн чаккхенгахь: «Маросейкица» цIехо-можа а, сийна а, цIехо-сийна а генаш вовшахтаса ойла хиллера. 2008-чу шеран бекарг (март) баттахь пачхьенан транспортан департаментан векалша дIахьедийна, иштта проект кхочушъяр 2020-чу шарал хьалха хир ду аьлла меттиг ца хилар.

Пачхьенехь украинхой Iийна меттиг (хьалха олуш ма-хиллара, «хохолаш») дагайоуьйту Маросейкина гена боцучу Хохловски урамалго а.

Маросейка
Маросейка ©РИА Новости
ГIирмин (Крымски) вал

ГIирмин цIа ГIирмин ханан векалаллица цхьаьна XVII-XVIII-чу бIешерашкахь Москва-хин йистехь ГIезалойн куьпана а, Ордынкина а жимма малхбузехьа лаьтташ дара, Лаьттан (Земляни) валана уллохь. ГIирмин вал цIе йолу ша урам тIаьхьо кхоллабелла, 1820-чу шерашкахь, Лаьттан (Земляни) гIалин дозанаш дIахьаькхинчул тIаьхьа. XIX-чу бIешеран чаккхене кхаччалц оцу меттигехь гIишлош хила а ца хилла ала мегар ду, бIаьста хи дестар бахьанехь.

Хазачу цIеношца а, гIарабевллачу бахархошца а дозалла дойла дацара хIетахь ураман. Бакъду, Москвахь уггаре а яккхийчарех а, гIараевллачарех а йолу нехаш дIакхуьйсийла яра кхузахь. Цул сов, шен банешца цIе яххана бара урам, йоллучу шахьарара хьалдолу москвахой богIура кхуза, лийча а, нораца Iаь етта а. Iаь цхьанна а новкъа яц, цу тIе, мехаш а, хьашташ кхочушдар хIетахьлерчу заманца лаккхарчу тIегIанехь хиллехь а, лакхара дацара. XVIII-чу бIешеран чаккхенгахь дуьйна Москва-хил дехьа дечиган тIай тиллира кхузахь.

1873-чу шарахь цуьнан метта ГIирмин аьчка тIай тиллира, иза 1938-чу шарахь керлачуьнца, таханлерчу дийне кхаччалц долчуьнца, хийцира

ГIирмин вал шен бахархошца цхьаьна Россин революцин ларамаза а, амма жигара а дакъалацархо хилла. Оьрсийн дуьххьарлера революци йолчу хенахь баррикадашца йина дуьхьало яра урамехь. 1917-чу шеран Октябрьски революци йолчу хенахь ГIирмин валехь, Замоскворчьена тIекхочийла ларъеш хиллачу, цIен эскархойн позицеш яра.

Советийн заманахь урам тобинера. 1923-чу шарахь масийтта бIешарахь нехаш дIакхуьйсийла хиллачу меттехь Ерригроссин юьртан-бахаман а, кустарни-промышленни а гайтам вовшахтоьхнера, тIаьхьо, 1928-чу шарахь, цунна метта Горьковн цIарах Культурин парк йира - тахана Москвахь уггаре гIараевллачу садаIаран меттигех цхьаъ.

Слева: Центральный дом художника (ЦДХ), филиал Третьяковской галереи на Крымском валу; справа сверху: главный вход в Центральный парк культуры и отдыха имени М.Горького; справа внизу: центральный вход в парк скульптур «Музеон»Слева: Центральный дом художника (ЦДХ), филиал Третьяковской галереи на Крымском валу; справа сверху: главный вход в Центральный парк культуры и отдыха имени М.Горького; справа внизу: центральный вход в парк скульптур «Музеон»Справа: Центральный дом художника (ЦДХ), филиал Третьяковской галереи на Крымском валу; слева сверху: главный вход в Центральный парк культуры и отдыха имени М.Горького; слева внизу: центральный вход в парк скульптур «Музеон»
Аьрру агIорхьа: Художникан коьрта цIа (ЦДХ), Третьяковски галерейн ГIирмин валехь йолу филиал; аьтту агIорхьа лакхахь: М.Горьковн цIарахчу Культурин а, садаIаран а коьртачу паркан коьрта чувоьдийла; аьтту агIорхьа лахахь: «Музеон» скульптурийн парке коьрта чувоьдийла ©РИА Новости. Маклакова Юлия

Дог ирахIотторийн (музийн) тIетовжийла а ю ГIирмин валехь. Горькийн Паркана дуьхьал 1970-чу шерашкахь йина хиллачу гIишло чохь Третьяковски галерейн экспозицеш а, шен гайтаман залашца цхьаьна Художникан коьрта цIа а дIатарделла.

Гена йоццуш ю искусствийн «Музеон» парк - Россехь уггаре а йоккхахйолу, йиллинчу стигал бухахь йолу, скульптурийн парк. Иштта кхузахь бу 1990-чу шерийн юьххьехь Москван урамашкара дIабаьхна болу хIолламаш а. Оцу урамна юххехула мел йолу гIишлош советийн заманахьлера ю.

Крымский вал
ГIирмин (Крымски) вал ©РИА Новости
Гуьржийн куп

Гуьржий XVIII-чу бIешарахь схьаэха буьйлабелира Москва. Дикачу дахарх бевдда бацара уьш, мохк туркоша схьалаьцна бара, ткъа Москвахь шайн санна дин дерш гуттар а тIелоцура, цу тIе, массарна а тоъал болх а бара шахьарахь. ТIаьхьо Гуьржийн куп кхоллаеллачу меттехь долу латтанаш 1729-чу шарахь гуьржийн паччахьна Вахтанг VI-чунна совгIатана кхечира.

Дуьххьара Мясницки ураман кIоштахь ваха хиира паччахь, амма паччахьна улло бевлларш дукха хиларна (3 эзар сов) цигахь Iан хала хилира. Иштта, Лаккхарчу къайлахчу советан 1729-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 19-чу дийнахьлерчу указаца сацам бира «гуьржийн паччахьна Вахтангана Преснехь долу цIа, бешаца цхьаьна, дIадала».

Император Петр II-ниг волчу хенахь Гуьржийн куп кхиорна 10 эзар сом къастийнера, цул тIаьхьа, шахьарахь шайн Даймохк «кхолла» гIертачу керлачу москвахоша Гуьржийн паччахь-цIа дира кхузахь.

Гуьржийн куп кхуьуш а, шорлуш а яра, 1779-чу шарахь цигахь гуьржийн 73 ков-керт а, оьрсийн а, эрмалойн а - 24 а дара. Куьпахь низам латтадеш гIарабевллачу Багратионийн династи яра

1812-чу шарахь цIарах зен а ца хиллера ала мегар ду куьпана. XVIII-чу бIешеран юккъехь и меттиг элийн ОдоевскийгIеран дола елира. ХIетахь дIаелира Гуьржийн куп. Тахана оцу сий-ларамечу кIоштахь гуьржийн билгалонаш, дукха хьолахь, цIерашкахь йисина: Гуьржийн Боккха а, Жима а урамаш, Гуьржийн вал, Гуьржийн урамалг, Гуьржийн майда. Гуьржий кхузахь Iийна хилар дагадоуьйтуш иштта кхидолу хIуманаш а ду. 1983-чу шарахь Гуьржийн куп хиллачу меттехь, Тишински майданахь, Георгиевски трактатана - Россин пачхьалкхана а, Цхьаьнатоьхначу гуьржийн Картли-Кахети паччахьаллина а юкъахь Гуьржийчоь Россих йозуш хиларан хьокъехь хиллачу бертана - куьг яздина 200 шо кхачарна лерина хIоллам схьабиллира. «БIешерашна доттагIалла» цIе йолу хIоллам - иза, гуьржийн а, оьрсийн а алфавитийн элпех «Машар», «Къинхьегам», «Цхьаалла», «Вежаралла» дешнаш хIоттийна йолу, 42 метр инзаре-йоккха колонна ю.

Слева: храм Георгия Победоносца в Грузинах, духовный центр грузинской диаспоры в Москве; справа вверху: католический Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии; справа внизу: Биологический музей К.А.ТимирязеваСлева: храм Георгия Победоносца в Грузинах, духовный центр грузинской диаспоры в Москве; справа вверху: католический Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии; справа внизу: Биологический музей К.А.ТимирязеваСправа: храм Георгия Победоносца в Грузинах, духовный центр грузинской диаспоры в Москве; слева вверху: католический Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии; слева внизу: Биологический музей К.А.Тимирязева
Аьрру агIорхьа: Грузинашкахь долу Георгий Победоносцан зиярт, гуьржийн диаспорин Москвахь йолу динан туш; аьтту агIорхьа лакхахь: Сийлахь Дева Мария ша-шех бераххиларан католически Собор; аьтту агIорхьа лахахь: К.А.Тимирязевн биологически музей ©РИА Новости. Маклакова Юлия

Пачхьенерчу гуьржийн Далла гIуллакхдаран кхин цхьа меттиг зоопаркана уллохь ю. Грузинашкахь долу Георгий Победоносцан зиярт, гуьржийн диаспорин Москвахь йолу динан туш: цигахь гуьржийн къамел а хуьлу хезаш, гойтургашна тIехь цIерш а кхаа маттахь язйина ю (оьрсийн, гуьржийн, ингалсан). Хуучара дийцарехь, Москвахь тоьлла йолу хачапури по-аджарски кечйо кхузахь.

Тамашийна делахь а, Гуьржийн Жимачу урамехь ду Россехь уггаре а доккха католически зиярт (храм) - Сийлахь Дева Мария ша-шех бераххиларан Собор, цунна гена доццуш - Щекин Петран оьрсийн ширачу хIуманийн музейн керлачу кепехь йина гIишло дIалаьцна йолу Тимирязевн пачхьалкхан биологически музей.

Грузинская слобода
Гуьржийн куп ©РИА Новости

Советан заманахь Москван керлачу кIошташкарчу урамашна вежараллин къаьмнийн республикийн а, гIаланийн а сийнна цIерш тахка йолийра. Къилба-малхбалехь Ташкентски урам а, урамалг а, Фергански урам а, Фергански чекхдолийла (проезд) а хилира. Къилбехь - Алма-Атински урам, къилба-малхбузехь - Вильнюсски урам а, Литовски бульвар а, дуккха кхиерш а. Масийтта бIешо даьлча а, кхечу мехкашкара а, шахьаршкара а баьхкинчарна йоккхаен а, хьешана тIера йолу а гIала хилла йисина Москва.